Дахаран туьха. Исторически роман
Қосымшада ыңғайлырақҚосымшаны жүктеуге арналған QRRuStore · Samsung Galaxy Store
Huawei AppGallery · Xiaomi GetApps

автордың кітабын онлайн тегін оқу  Дахаран туьха. Исторически роман

Акаев ИсмаIал

Дахаран туьха

Исторически роман






18+

Оглавление


Сан да Акаев Наурдин а

(Заурбекан васт),

нохчийн шина тIамехь

бехк боцуш эгна адамаш

а дагалоцуш…

Бакъдерг — тIеман хьалхара мостагI

ДЕШХЬАЛХЕ

ЯХАНЧУ ЗАМАНАН МОХЬ

(«Дахаран туьха» романах лаьцна литературни-философски ойла)

Оьрсийн сийлахь воккхачу яздархочо Толстой Николайс аьлла: «Дийцарах лаьцна еш йолу ойла иза бакъдолчунна а, кхоьллина хIуманна а юкъара доза ду, тамашийна кепара стеган кхетаме а долий, бIешерашца тидаза дуьссуш долу…»

Ткъа мичахь ду нохчийн журналистан а, яздархочун а Акаев ИсмаIалан романехь и доза?

«Са хуьлуш дара. Юрт меллаша набарха йолура». Ишта Лермонтовн хатIехь йолалуш ю ешархо адамийн шатайпа дуьнене вуьгуш йолу хIара роман.

Дахаран массо а агIо йовза хьогах долу вай, ваьшца латточу хьере къиссаме довлу. И къиссам чIогIа дика гайтина кху романехь.

Автор кхета ешархошна хьалха шен йолчу жоьпаллех, цундела иза кхетаман уггаре а кIоргечу къайленашка кхийда.

Романехь дукха дуьйцу дахаркъобалден некъашах лаьцна. Шеко йоцуш дахар — иза стеган уггаре а йоккха мехала ю. Дуьненан лехамашкахь цу дахаран боккъалла а мах хадо вайна ца хаьа а, я вай дицлой дуьссу. Дахаран ши агIо ю — бакъдерг а, харцдерг а. И шиъ цкъа а кхачалур йолуш яц, цара цкъа а паргIат ца вуьту цабезамо а, оьгIазлоно а хьерваьккхина волу стаг.

Цундела хир ву-кх романан коьрта турпалхо ИбрахIим ишта хьогах ша адамийн дахаран хьост лору бакъдерг довза.

Мел дукха ирча, декъаза кхолламаш бу цунна уллохь, мел доьхна, даьржина ду иза веха дуьне.

Иза цхьалха ву. Амма мухха делахь а иза дийна ву, цо сацийна бац кху дуьненчуьра шен лехамаш. ЧIир эца лаам беха романан турпалхойн дегнашкахь, амма цуьнца нийсса къинхетамах буьзна бу церан кийра. Автора ма-ярра йовзуьйту нохчийн Iадатан кIоргенаш — мел деза лоруш хилла нохчаша адамийн дахар. Кху говзарехь ешархошна девзар ду мел доккха маьIна долуш хилла нохчийн къомана чIир эцар а, чIир йитар а. Цуьнан мехаллех лаьцна автора дуьйцу сийлахь дезачу КъорIанна тIе а тевжаш.

«Дахаран туьха» романан сюжета кIорге ойла йойту селханен, таханенна бIаьргаш боьллуш, кханене сатийсам кхуллу. Вайн тIаьхье — иза вайн дIаэхначу дайн хедар йоцу зIе ю.

Вай мел лайнарг а, хIинца дахар санна хеташ тIе мел лоцуш дерг а цхьаьна лаамца доьзна ду — дуьненчохь ваха болчу лаамца. И лаам бу Акаев ИсмаIалан массо а турпалхойн дагчохь. И лаам безам санна ницкъ болуш а, кIоргера а бу. «Безаман ницкъ — иза дош ца олуш, вовшех кхетар, вовше довзар ду. Безам даима нуьре хуьлу бIаьрхийн а, сатийсаман а, васан а серлонца. Безам а, Iожалла а цхьаьна богIуш ши кхетам бац. Ткъа цу безамо Iожалле а шен маттахь къамел дойту, иштачу безамах олу адаман безам. Дала похIма деллачунна бен хуур дац лаккхара безам бовза. Са мел кхоьллина хIума деза хууш шегахь адамалла ерг бен хир вац»

Ишта йовзуьйту автора шен ешархошна безаман къайленаш. ХIара ерриге а роман нохчийн къоман историх юьйцина ю. Цунна тIебеана хилла уггаре а беза баланаш — махках дахар а, нохчийн ши тIом а кху романан агIонашкахь деган Iийжамца йовзуьйту автора, политически шалхо йоцуш, ма-дарра бакъдерг дуьйцу цо, ешархойн ойланашкахь кхоллаелла муьлхха а шеко дIайоккхур йолуш.

Цкъа мацах Ясперс Карла аьлла: «Ша вовза а, шех кхета а луучунна лаьа историх кхета а». Шеко йоцуш нийса луьйш хилла иза, хIунда аьлча мел къаьхьа иза елахь а истори истори хилаза ер яц. Ткъа кху романехь ешархойн аьтто хир бу нохчийн керла истори цуьнан ерриге а къаьхьаллица ма-ярра йовза.

Декъаза кхолламех юьзна ю и роман, амма хIете а хIора турпалхо мел хала киртиг тIехIоттарах собарах ца вуху, дахаре йолу шовкъ дIа ца йолу цуьнан. Кху говзаран исбаьхьаллин васт шалхонаша лаьцна дац, иза цIена ду, сирла ду.

Романан литературни-сценически кхачаллех дерг аьлча, билгалдаккха хьашт ду, кху говзаран боккха, маьIне чулацам хилар. Авторан чIогIа дика аьтто баьлла адамийн кхолламаш а, мехкан истори цхьаьна дозуш, ешархойн тидам тIеберзош, довзийта. Билгалдаккха деза хIара роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.

Бакъболчу хиламийн буха тIехь хIоттийна йолчу кху говзарехь, гуш ду авторана истори хилла ца Iаш, кху заманан политически процессаш а дика евзаш хилар. Цара дIалоцу ерриге а роман.

Суна хетарехь, Акаев ИсмаIалан дуьххьара роман вуно кхиам болуш ю. Цуьнан агIонашкахь беха дахаре болу нийса хьежам а, нохчаллин башхалла а, историн кIорге а, Iадатан хазалла а.

«Дахаран туьха» романан аьтто баьлла яханчу замане тIай туьллуш, ешархошна нохчийн историн бакъдолу васт гайта.

Ас Iалашо ца хIоттийнера критика ян, суна сайна хетарг ала лиира кху башха литературин говзарна, амма тIаьххьара дош даима ешархочуьнгахь хилла ду, цуо нийса кхел йийр ю аьлла а хета суна.

Кху романан дахар атта хир дац, хIунда аьлча цо шен агIонашкахь айдинарг а ду чолхе а, тIеэца хала а, амма французски Iилманчас а, философа Жан-Жак Руссос ма-аллара: «Замано гойтур ду»

Ярычев Насруддин, историк

ЮНЕСКО литературни кхеташонан

кегирхойн палатин декъашхо, философи Iилманан доктор.

Авторан дош

БисмиллахIи-ррахьмани-ррахьим. Алхьамду лиллахIи раббил Iаламин

Уггаре а сийсаза ду лай хилла вахар.

Дахаре бIаьрг беттар яздархочунна дуккха а хазох ду шен йозанан дийцарехь — Iожаллан сурт дуьллучул.

Кху говзаран васташ мел ирча а, декъаза а делахь а, цара гойтуш дерг бакъдерг ду, шен ерриге а къаьхьаллица.

Цу бакъдолчун заманан йохаллера схьахеза мохь бу кху книгин коьрта чулацам.

Кхочуш ца хиллачу сатийсамийн, лазаман, лайначу баланийн мохь, иза вайн а, вайн тIаьхьенан а иэсехь даима хезар бу.

Амма теша лаьа и мохь ца хезаш тIаьхье а вайн кхууьр ю аьлла.

ХIара жайна лерина ду цу къизачу, боьхачу тIамехь мел эгначийн иэсана.

Башха а дац политологаша а, авантюристаша а муха цIе туьллу Нохчийчуьра хиламашна,

— амма коьртаниг ду нохчийн къам шена хиллачух кхетар а, цуьнан нийса маьIна дар а.

Къаьсттина мехала ду шо шаре мел долу вайн къоман кийрахь дикалла, комаьршалла, син-оьздангалла чIагIлуш, баланийн IиндагIера маьрша даьлла, тIаьхьарчу тIаьхьенна шен сирла ламасташ кховдош, вайн къомана даха хаар а, цу дахаре йолу шовкъ цуьнан цкъа а дIа ца ялар а.

Адам маьрша хила деза шен дахаран новкъахь, амма кхечуьнан маршонна тIекхийдаш и делахь — маьрша-м хир дац иза ша а…

Акаев ИсмаIал

2001 шо


Дахаран тача... Суьртан автор Акаев ИсмаIал

Iадат

I

Са хуьлуш дара… Меллаша набарха йолура юрт. Амма Заурбекан хIусамехь дукха хан яра массо а гIеттина. Кхузахь ТасуевгIеран тайпанера массо а къонаха вовшахкхеттера. Цара бийцаре беш бара тховса кхочуш хила беза шайн дахарера уггаре а маьIне хилам. Уггаре а чIогIа кху дийне сатийсина волу Заурбек-м вацара къамелехь дакъа лоцуш. Иза массарна а генна ваьлла кхоьлина Iаш вара. Еха къоьжа месаш а, яьлла маж а — замано гIелдиначу цуьнан юьхь-сибат тIе хьаьжча гуш дара мел беза хилла дахаран мохь.

ГIайгIане ойланаша кIелвитинера Заурбек. Цуьнан бIаьргашна хьалха лаьттара яханчу заманера и ирча суьрташ. Цунна гуш яра генарчу паналле шаьш эцна йоьдучу цу шийлачу цIерпоштан вагонаш, луьрабоьллачу саьлтийн оьгIазе яьххьаш, лай тIе охьакхиссина сенделла декъий. Цунна тховса юха а хIетахь санна уллохь хеталора чилланах кхуьнан и эгIазе жима дегI дохда гIерташ хилла ненан ховха ши куьйг.

Ткъа юха дагалецамаша дуьхьал тессира хIорш махкаха баьхна масех шо далале генарчу Казахстанехь кхунна тIеIоттаелла дахаран и чолхе киртиг. Даго хIинца а бохура хIетахь кхин некъ ца хиллий, кхин юхавала меттиг ца хиллий. Дога цIе йолчу цхьаьна стага бехк боцуш кхуьнан йишин цIе сийсаза ян гIоьртира, ткъа и санна дерг нохчийн Iадатан терзанан барам тIе диллича цIийца бен декхалуш дац. ХIара шиъ тассавелира. Догин гIо лаца цуьнан накъостий кхечира. Ницкъаш цхьатерра бацара, цундела Заурбек урсана тIе кхевдира. Чов чIогIа ца хиллехь а, Дога дукха цIий дIаэхар бахьана долуш дIавелира.


Заурбек ша цу девнехь чIогIа лазийна воллушшехь, Iедалан кхелах ца велира — цунна итт шо хан туьйхира. Ала деза, Заурбекана хилла чевнаш кIезиг яцара. Догин гергарчу наха цу девнехь диг диттина а ца Iаш, тоьпан дIаьндарг а дегIах чекхяьккхинера. Рицкъ хиларна Заурбек виссира.

Iедалан кхеле хIара гIуллакх диллинчу хенахь, кхин цхьа кхел яра йоьдуш — цигахь сацам беш Догин гергара нах бара. Цара чIагIо йира шайн аьтто ма белли Догин чIирана Заурбек вен. Заурбекана хаьара Iедалан кхел чекхьялча, Iадатан кхел хир юй, ткъа иза кхуьнан цIий Iанорца бен кхочуш хир йоций а.

Кху заманахь чIир лехар иза дицдан хьашт долу къиза Iадат хета. Амма чаккхе йоцучу тIемашкахь шайн маршо къуьссу нохчийн чIир лехаран Iадато ур-арталла совцабаро адамна тIекховдарах.

Сталин веллачул тIаьхьа, 1953-чу шарахь Заурбекана амнисти йира. Кхо шо набахтехь а даьккхина, иза маьрша велира, доьзал а кхоьллира. Дуьненчу велира цуьнан дуьххьара кIант СаьIид. Денош а шераш а луьстуш дIауьдура зама, хеталора дахар шен хорше доьрзуш ду.

Амма дукха хан ялале нана дIаелира. 1941-чу шарахь Брестан гIап ларъеш доьналлица кхелхиначу шен цIийндена а, геналлехь биссинчу Даймахкана а сагатдаро гIелдинчу цуьнан деган кхин дIа деттадала ницкъ бацара. Ша дуьненчуьра дIаяллалц ларйира цо фронтера деанчу кехатан мажъелла юьхк.

Инзаре дукха нохчаша гайтира шайн доьналла Даймехкан Сийлахь боккхачу тIамехь. Цхьаьна Брестан гIопехь тIеман хьалхарчу деношкахь шайн синош дIаделира ши бIе сов нохчийн бIаьхочо. Амма майраллица шаьш Даймехкан сий къуьссучу хенахь царна ца хаьара ямартхойн йоцу цIе а кхоьллина массо а нохчий а, гIалгIай а сийначу Сибрех а, Казахстане а, ГIиргIазойн махка а дIабохор буй. Кху дуьненна шех тераниг кхин гина доцу, шен къизаллица дуста барам боцу и зулам хилира 1944-чу шеран чилланан беттан 23-чохь ЦIечу эскаран дезчу дийнахь.

РеIадат кхелхинчу дийннахь дIайоьллира. Назманан гIийлачу узамца тIаьххаьрчу новкъаеккхира кIеда-мерза, комаьрша хилла нана…

Цкъа а ца хилча санна дIаелира иза Заурбекан дахарера, кIентан дагчохь цкъа а йоьрзур йоцу чов а юьтуш. Гергарчу наха гIо дина доллушшехь, дайн Iадаташ лардеш, йолла ма еззара шен нана дIайолла аьтто ца белира Заурбекан. Тезет а гIийла яра. Чуртан метта РеIадатана кошан гIовланга цхьа жима тIулг биллира. Иза хIинца а Iуьллу цигахь… нехан лаьттахь. Ткъа цIа а еана дIайолла езаш ма яра, амма цкъачунна я таро а, я ницкъ а бац. Амма Заурбек тешна ву заманан йохалла кхуьнан лаам кIенташа кхочуш бийриг хиларах.

1957-чу шарахь нохчий а, гIалгIай а буьрсачу Iай бIаьстенах хьаьгна човканаш санна, кестта Даймохк гур хиларо ойла тIомаяьккхина, хазахетарца схьаоьхура Кавказе. Ма боккхачу сингаттамца новкъйохура Заурбека Даймахка цIа оьхучу шен махкахойн и ирсе тобанаш. ЧIир хьаьрчина хилар бахьана долуш, цIехьа боьду некъ цунна бихкина бара, цундела иза виссира цигахь, нехан махкахь кхи дIа а чолхечу дахарах доьналлица тийссавала. Дахар дан а дацара атта, амма набахто зийна волу Заурбек ца къехкара халонех. Заурбекан доьзал нахал тоьлла Iаш бацара, я эшна а бацара. СаьIида школехь кхиамаш бохура, иштта дуьненчу делира кхин а ши бер йоI Зарган а, кIант ИбрахIим а.

Хаза кхаъ беара Кавказера а. Цигахь цуьнан гергара нах шайн ма-хуьлла Догин гергарчу нахаца барт бан гIертара кхи дIа хин долчунах лаьцна, хIунда аьлча Заурбек къаьсттина цу доьзалца гIиллакх лаьцна ма вара Даймахка цIа верза йиш йоцуш.


Зама-м шен шераш хуьйцуш, ша цхьаммо сацорна кхоьруш санна дIауьдура. Заурбек массарна а къайлахь Нохчийчу цIа веара, шен тайпанера къаношкара бакъо а яьккхина. Амма ца веара ша вина а, кхиъна хиллачу, нохчийн лаьмнийн кIажехь Iуьллучу шен юьртам-м. Иза ваха хиира цунна дукха гена, Теркйистера цхьаьна кIотарехь. Кхузахь иза цхьаьнна а новкъа воцуш, шен хьанал рицкъ доккхуш, къахьоьгуш Iаш вара.

Доьзал кхиира. Школа а ткъа цул тIаьхьа университетан юридически факультет а чекхяьккхира воккхахволчу кIанта СаьIида. Лоьран корматалла кара а ерзийна, нехан цIентIе дIаяхара Зарган а.

Жимох волу ИбрахIим школехь доьшуш вара. Леккхачу дегIахь, зоьртала, цIена нохчийн амат а, иштта дахаре сирла хьежам а болуш, шен дена дика накъост кхиира цунах. Заурбека массо а берашна юкъахь ИбрахIим вара уггаре а комаьрша а, схьаийна а.

Заурбека цхьаьнна а ца хоуьйтура ша ИбрахIим доьзалехь къастош вуй. Амма хIете а цхьацца хIуманна тIехь гучуболура цуьнан жимхага болу безам. Иза ларамза а ца хиллера. Заманан йохалла ИбрахIима шен оьздачу гIиллакхашца, йист йоцучу доьналлица гойтур ду массарна а эрна ца хиллий дас шеца лелош хилла и шатайпа юкъаметтиг…

Нохчийн массо а Iадаташна юкъахь чIир йитар уггаре а кIоргIера а, чулацаме а лара мегар ду. Вайн дайша шираллера схьакховдийначу цу ламасто бен доцуш вуьтур вац цхьа а. И кхочуш деш йоккхуш йолу хIора а гIулч ю кIоргера маьIна долуш. Цкъа хьалха билгалйиначу меттиге тIекхочу нехан карах веллачун гергара нах. Цхьаьнакхетаран меттиг дукха хьолахь юьртана геннахь, шерачу аренгахь билгалйоккху. Вийначу стеган гергара нах схьакхаьчначул тIаьхьа, юкъахьлелаш волчо ларамца хаам бо цаьрга чIирхой кхеран кхеле ладогIа кийча хиларах лаьцна. Ткъа цул тIаьхьа цIий Iанийначун агIонерчара дIаболабо шайн и башха некъ. И меттиг мел гена елахь а, цига гIаш ваха веза. Тобанна хьалха ваьлла шен уллерчу гергара нахаца (да, ваша, кIант) воьдуш хуьлу чIирхо. Еха палаш, башлакхца дIакъевлина корта а, юьхь а. Цунна тIаьхьахIиттина богIуш хуьлу цуьнан гергара нах, ткъа царна тIаьхьа тайпанан векалш.

Шайн стеган карах веллачун гергара нахана тIекхача масех метр йиссинчу хенахь, тоба соцу. Цигахь шина тайпанан къаной дуьхь дуьхьал хIуьтту шайн деха къамел дIадоло. Шина а агIоно билгал ван везаш волу къано юкъараллехь дика цIе йоккхуш, динан Iилма долуш хила веза. Кху шина а агIонна маслаIатан векал хиллера юртахь а, махкахь а дика цIе йоккхуш, бусулба динан Iилма Iаморехь а, даржорехь а дика кхиамаш баьхна, юкъараллехь лоруш волу ЧIиннахара къано Абу-Хьаьжа.


Нагахь санна и санна верг вацахь, тайпанера я, юьртара кхайкха веза. Церан къамелах доьзна хуьлу кху гIуллакхан муха тIаьхьало хир ю. Ткъа бина сацам шина агIоне бовзуьйту. ЧIирхо вуьту, амма цу тIехь дерриге а чекх ца долу. Шега дош доьхий вистхуьлу стаг вийначеран агIонера векал лаьтта къано. Иза гулбеллачаьрга вистхуьлу. Цуьнан къамел дукха хьолахь кегийчарна лерина ду. Цо сийлахьчу КъорIанан сураташна тIетевжаш дуьйцу мел беза бу адаман мах, мел деза ду АллахI Дала стагана чудиллина са, ткъа иза дегIах къасто цу АллахIан бен бакъо а яц. Цо дуьйцу мел беза бу адамийн вовшашца хила беза ларам, нохчийн юкъараллас кху дийне схьадеанчу Iадатийн мехаллех лаьцна дуьйцу цо. Къаночун къамел деха хуьлу, амма цуьнан маьIна массарна а кхеташ ду — оза терза карор доцуш еза ю нохчийн къоман син-оьздангаллин лард, ткъа иза ларъян къонахалла, доьналла хила деза хIорангахь а…

Бехк боцуш вийначун чIир атта йитина яц нохчаша. Хийла цIий хьуьйдина ду нохчийн латта, эцна чIир бахьана долуш, хийла хьех ю мостагIех ведда чIирхо шена чохь лечкъийна. Амма делла дош нохчочуьнга юха оьцуьйтуш, цуьнга шен оьгIазло къинхетамна хийцийта ницкъ кхочург гIиллакх ду!

Заманан йохаллера дуьйцуш схьакхаьчна вайга нохчийн лаьмнашкахь некъ тилина, ларамза шен керта веана чIирхо и хьаша хиларна витина масалш. И чIир оьцуш а ларйина нохчаша шайн оьздангалла. Масала, чIирхо вен а вийна, цуьнан дакъа цкъа а тесна дитина дац нохчочо, иза экханах лардеш, юьстах а доккхий, цунна тIехь Йеса а доьший, иза волчарга хоуьйтуш хилла — оха тхайн стагах чIир эцна, ткъа шайн дакъа билггал эццера дIахьо. Иза ю и заманан дарцашка ца йожъелла нохчалла… кху дуьненан букъа тIехь цуьнца юста мехала карор яц цхьаьнна а я, карийна а яц…

Шен къамел дерзош, цо чIирхошка хаам бо уьш бита а, тIелаца а дуьхьал йолу агIо реза хиларах лаьцна, ткъа цул тIаьхьа шайн стаг вийначу мостагIашна цIий хьанал деш, гечдан собар а, кхетам а АллахIа баларна хастам беш доIа до воккхачу стага. Бехк боцуш даьккхина са цIийца бен декхалур дац, амма нагахь санна ахь и кхел Делан каралахь, хьуна цуьнгара ял хир ю.

Цул тIаьхьа чIирхойн агIонера къано вистхуьлу. Цуьнан къамел доца а, оьзда а ду. Цо баркалла олу Дела шен доьхьа шаьш тIеэца собар карорна, Делан шен доьхьа шайн стеган цIий хьанал дарна. ТIаккха шина а агIонера нах куьйге боьлху.

Амма цу тIехь а чекх ца долу и. ТIекхочу уггаре а чулацаме а, уггаре а чIогIа дагах кхеташ, и дог карзахдоккху мIаьрго. Селхана-стомара мостагIий хилла лаьттинарш, тховса цхьа гуо бой дIахIуьтту. Цу гуонна юккъехь лаьттачу гIанта охьахуу чIирхо, ткъа цунна тIевогIу чIирхочун карах веллачун кIант. Цо шен куьйга схьайоьллу заманан йохалла кху дуьненахь чIирхочо лечкъийна хилла юьхь. КIентан карахь шаьлта санна ира урс ду. Селхана ша шен ден сина дуьхьал са даккха чIагIо йиначу стеган тахана цуо хIуммаъ собарах ца вухуш, маж а, корта а бошу. Дала хийцина цо шен дахарехь хIоттийна хилла уггаре а коьрта Iалашо. Къаьхьачу цабезаман метта, Кхоьллинчо цуьнан кийра ца духу собар а, кхетам а боссийна. ЧIир леха араваьлла хилларг кху мIаьргонехь урс карахь лаьтта, амма и урс цIий Iано айдина дац, шина тайпанна юкъара мостагIаллин пардо дIайоккхуш айдина ду. Шен чIирхочун юхьтIе оьзна башлаккх дIа а йоккхуш, цуьнан шерашца яхъелла къоьжа маж дIа а йошуш, цо тоьшалла до мел боккха ницкъ хилла шегахь, кийра буьзна хилла оьгIазло, тховса шайтIа эшош, къинхетамана хийца. Цо шена а, нахана а хьалха тоьшалла до ша Делан лай хиларан, ша делла дош, хIара дуьне мел деха, дехар хиларан, ша а, шен дийнна тайпано а тховса Делан лаам хьалха а тоттуш, дерриге а дуьне а, Iалам а теш а лоцуш, шайн стаг вийначу чIирхочунна цIий хьанал деш хиларан.

Амма ширачу заманера схьадогIуш алар а ду — делла дош дохош, маж йошуш долу куьйг «дегийна» — Iаьржачу лаьтта цIий Iенина меттиг нисъелла бохуш. Ткъа хIетахь-м ши тайпа тIамца дуьхь-дуьхьал доьдуш хилла. Нагахь и санна дерг халкълахь дуьйцуш диссинехь и тайпа са кIезиг нах а хилла хила тарло нохчийн юкъараллехь. Цундела ларамза хир дац чIир йитарехь зударий хилийта магош ца хилар. Цул совнаха, цигахь нохчийн Iадатаца, чIирхочун уггаре а жимох волу кIант а, я, цхьаъ бен воцу кIант а хилийта бакъо яц чIир юьтучохь. Амма тIаьхьарчу бIешерехь чIирхошна делла дош дохийна меттиг нисъелла яц нохчийн юкъараллехь, цуьнан теш лаьтта халкъан иэс лардеш болу, замано къежбина къаной.


Теркан тогIехь Iуьллу и жима кIотар самаяьккхира сийначу Iуьйрено. Цуьнан массо а маьIIера схьахезара летачу жIаьлийн а, дажа дIадаха сихделлачу даьхнийн а гIовгIа. ГIайгIане ойланаша цIеххьана самаваьккхира Заурбек а. БIешеран доьалгIа дакъа-м хIете а дIадаьллера цо кху Iуьйрене сатуьйсуш. Иза меллаша корах тессина кIади дIа а теттина ара хьаьжира. Стигал а ша ма-ярра сийна яра, хIуммаъ ца хилча санна, лаьтта шен зIаьнарш эгайора дашочу малхо, амма Заурбекана хеталора дахаран синтеме кхуьнан некъ бихкина хилла дийнна лам шен кийрахь охьахаьрцина….


ТIаьххьара кечамаш а чекхбевлира. Къаноша кхин цкъаъ дага а бевлла, сацам бира кхо шо кхаьчна старгIа а, ши гали дама а, оццул шекар а, иштта пхи эзар сом ахча а Догин доьзална дIакхачо. И гIо дар Iадато магийна ду. Цуьнан барам шина агIоно билггал ма барра бу, амма иза шовзткъа бежанан мехал сов балийта мегаш а дац. Амма и мостагIалла ширалле дирзина хилар бахьана долуш, Догин гергара нах и тIеэца ца тигира, амма хIете а ЗаурбекагIарна лиира юха а и гIиллакх цаьрга кховдо.

Iадато ма-бохху а, шен дас дина дехара бахьана долуш а, Заурбекан жимох волу кIант ИбрахIим цу дийнахь цIахь сецира. Нагахь санна чIир йитарехь дагахь доцург дуьхьал далахь, ТасуевгIеран хIу ца хадийтарна жоьпалла ИбрахIимана тIехь юьссура. Доьзалехь оцу кепара мехала дакъа лаца шена бакъо елла йоллушшехь, ИбрахIима дукха хIума лур дара тховса шен дена а, шен дерриге а тайпанна а уллохь хила. Цуьнан жималлин цIергахь догучу дагна ца лаьара оццул чIогIа шен дас сатийсина йолу мIаьрго тховса шена ца гуш тIехъялийта…

Машенийн а, автобусийн а еха могIа новкъа елира. БIе шовзткъе итт километр йохалла некъ бара цара арабаьккхинарг. Довхачу дешнашца, ловцашца новкъабохура уьш лулахоша, шайн даго ма-бохху цу гIуллакхан чаккхе хилла цIа дерзар нислойла шун бохуш…

Билгалйиначу меттиге уьш схьакхаьчна масех минот ялале, кхуза кхечира Iаьржачу басахь «Волга» машен. Цу чуьра охьавоьссира нохчийн къомаха а волуш, тайначу аматехь цхьа стаг. Схьахетарехь, иза лериначу урхаллийн белхало вара. Цо дийхира гулбеллачарна юкъара милла а цхьаъ шега вистхила юьстахвала аьлла. Къаноша дукха ойла ца еш Заурбекан воккхах волу кIант СаьIид дIахьажийра КГБ белхалочуьнга вистхила. Могуш-паргIат а хаьттина, и шиъ машенна чухиира. Цаьрга хьоьжуш лаьттачарна и къамел чаккхе йоцуш дахделла хеталора, амма ма-дарра аьлча яьлларг ткъа минот бен хан яцара. СаьIид машенчуьра охьавоьссира, цунна тIаьхье КГБ шиъ белхало а. Лаккхара дарж долу шолгIаниг оьрси вара. Советан Iедалан муьрехь республикин массо а нуьцкъаллин структурашкара лаккхара даржашкахь оьрсий а бара, лериначу урхаллашкара муьлха а декхара кхочуш деш волчу нохчочун терго еш даима а цхьацца оьрси а хилла.

Кхайкхаза баьхкина хьеший СаьIидан Iодика а йина дIабахара. СаьIида дийцира гулбеллачаьрга уьш хIун дахьаш баьхкинера. Цхьанна а башха цецвала хIума дацара уьш кхуза кхачар. Дукха хьолахь церан «хьошалла» къамелаца дIадоьрзура, амма хIете а шайгара дукха ца оьшу, Iадатаца ца богIу хийцамаш бора цара хIара тайпа гIуллакхехь. ЧIирана партис кхайкхина болчу къиссаме хьаьжжина, КГБ-на хууш дара мила хьенан чIирхо ву. Цу организацис шен ницкъ кхочург дара деш нохчийн юкъараллера чIир йитаран Iадат дIадаккха.

Тховса а уьш кхуза баьхкинера дукха хьолахь гулбеллачарна диц ца далийта шайна ца хууш кху махкахь хIумма а чекхдер доций. Иза бакъду. Советан Iедалан заманахь КГБ вуно чIогIа ницкъ болу организаци яра. Цуьнан лергаш а, бIаьргаш а ца кхочуш ца юьссура Нохч-ГIалгIайчохь цхьа а генара а кIотар. Бахархой-м боьллера цу гIуллакхах. Цхьа кхузткъа-кхузткъе итт шо хьалха Iедалца къайлах уьйр латтош, айкх эцна вахар нохчийн юкъараллехь цIанлур доцу эхь хеттера. Мотт бетташ волу стаг а, цуьнан берриге а доьзал а махкахоша йемал деш, юьртаха боккхуш хилла. Цуьнан къеггина масала ду Хорчара БорщиговгIеран доьзал. Уьш юьртаха баьхнера Харачойн Зеламхаца ямарт хиларна. Таханлерачу дийнахь а, цу доьзалан тIаьхьенан аьтто бац шайн дай баьхначу лаьтта ког баккха. Цул совнаха, цу доьзалца цхьаьна а кепара юкъаметтиг латтор эхь лерина нохчаша.

Нагахь санна антиколониальни тIемаш долчу хенахь къайлах мотт беш волчо дийнна юьртана а зен деш хиллехь, тахана совхозан ча лачкъийна, я Iедална луьйш гучуваьллачунна мотт бар ши-кхо шо хан тохарца чекхдолу.


Мотт тохар иза шуьйра дийцаре долу гIуллакх хилла. Нагахь санна цхьаммо мотт тохар бахьана долуш зен хиллачун доьзал и айкх эцна ваханчунна дIадекха гIерташ хилла. ХIоранна а лаьара законе хьаьжжина ваха. Шерашца баланаш лайна адамаш кхетара Советан Iедалах тийссабала шайн ницкъ тоьар боций, цундела цуьнца бертахь Iаш хилча аттох ду, цу Iедалан харцо хьайн гуш ялахь а. Миска нахана-м башха ишта вуо а дацара и Iедал ма-дарра аьлча.


СаьIид чIирхочун кIант хиларал совнаха, иза эпсаран цIе лелош, чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон белхало а, коммунист а вуй хиъча, КГБ белхалоша йемалдарца тIелецира и тайпа цхьаьнакхетаршкахь цо дакъа лацар. Эпсарана дагадийтира цу хьокъехь партис хIу боху а, пачхьалкхан ойланна дуьхьал долчу цхьаьнакхетарехь дакъа лацар республикин партийни куьйгаллина хуур хилар а. Иштта кхерам тессира гулбелларш нуьцкъала дIасалохкур бу аьлла.

СаьIида уьш кхетийра шина тайпанна юкъахь ткъе пхиъ шо сов хенахь дуьйна хилла хIара мостагIалла тховса кхин цкъа а ца хьахо дIадоккххуш ду аьлла. Цул совнаха, хIара тайпа цхьаьнакхетар мелхо а машарна тIехьажийна ду, тIекхууьчу чкъурана а кхетийта, геч дина стаг вита, цуьнан цIий Iаночул совнаха доьналла оьший. СаьIида кIоргера къамел дира лериначу урхаллийн белхалошца. Партина дуьхьал вала а ца гIерташ, нохчийн Iадатийн кIорге йовзийта шен дерриге а хьекъал а, кхетам а тIехьажийра цо. СаьIида билгалдаьккхира Iедалан таIзар кхочушдаран система буьззинчу барамехь тоьлла яц аьлла, хIунда аьлча набахтичуьра араваьллачо ша дина зулам кхин цкъаъ до, амма заманан йохалла гина дац витиначу чIирхочо юха а адамна тIекхевдина а, ур-аттала цхьа жима зулам дина аьлла а гучудаьлла. Оцу кепара вайна го мел еза ю Iадатан мехала. Амма хIете а социалистически юкъараллехь Iадат хьалхататта а оьшуш дац. Цу тIехь церан къамел чекхделира.

Баккхий нах дукха чIогIа реза хилира СаьIида диначу къамелана, цуьнан дешаран пайда билгал а боккхуш. Цул тIаьхьа гулбеллачара кхи дIа шайн гIуллакх дIадехьира…


Цкъа хьалха гулбеллачаьрга вистхилира къано. Цо дехха дуьйцура чIир йитаран мехаллех а, нохчийн гIиллакхех а лаьцна.

Къаночун къамелана новкъарло ярна кхоьруш санна, меллаша диттийн гаьннаш хьоьстура бIаьстенан мелачу мохо. Лаьттахула доьдучу сагалматан болар а хезар долуш тийналла хIоьттира гулбеллачарна юкъахь. Ткъа къано-м ойланаша масачу дойша санна вадийна генарчу геналле вигира. Тахана иза шина тайпанна юкъахь машар бан лаьтта.

Тасуев Заурбекана (ТIасин Акин Генжин кIантан Наурдинан васт) стаг ву тахана вуьтуш — цуьнан карах веллера Дога, амма къаночунна хаьа шен цхьа а шеко йоцуш церан доьзалах дош дала бакъо юй, хIунда аьлча дагалецамаша иза сихвина кху тийначу Шина-Суьйра юкъара майданера буьрсачу Органан чIоже вигира. Цигахь… дуккха а дуккха а шераш хьалха лаьмнийн марахь Iуьллучу ЧIиннахахь цIий Iанар бахьана долуш, цхьаьна тайпанера шина кIотарна — боки-дукъархошна а, уьшкхалхошна а юкъахь заманан йохалла дIадоьдуш дов дара. И шайна юкъара чIир кар-кара а оьцуш дIакхоьхьуш дара цара и мостагIалла. ТIекхечира тIеман и къиза шераш. Паччахьан Iедало ницкъ бина ламарой шайн маршо къовса гIевттина мур бара и. Цу тIамехь майраллица летара Боки-Дукъара Заурбекан кхоалгIа да ТIас а, цуьнан ваша Арсгири а. ХIетахь церан чIир йитаза яра, хIунда аьлча кхара уьшкхалхойн байинчу нехан терахь ворхI стаге даьллера, ткъа боки-дукъархойн дуьхьал винарг ялх бен вацара. Оцу кепара и чот нисъян, уьшкхалхой декхарийлахь бара шайн чIир эца. Амма тIеман кIурлахь-м церан мостагIа цхьаъ хилира, хIунда аьлча къуьйссуш ерг Даймехкан маршо яра. Цигахь ламанца Паччахьан эскарна дуьхьал летачохь, Арсгири шен ваша ТIас цхьаьна а волуш тIекхечира мостагIчун герз кхетта воьжначу уьшкхалхочунна. Хетарехь, цуьнан накъостий и дакъа дIадахьа аьтто ца болуш дIабахнера. Юьхьанцара воьхнера иза, шаьш церан чIирхой хиларе терра, амма кийра буьзна йолчу нохчаллина шена хиира кхи дIа хIун дан деза. Меллаша охьалахвелла, шена тIера верта схьа а даьккхина, Делан цIе а йоккхуш, дакъа цу юкъа а хьарчийна, иза веллачун говра тIе а диллина, шен ваша ТIас тIаьхьа а хIоттийна новкъавелира Арсгири.

Сахуьлуш, Уьшхкхала кхочуш, цо меллаша, дIахийцира говр. Iуьйранна и говр шайн керта еъча, цу тIера шен кIентан цхьаммо леррина гIайгIа беш кечдина дакъа охьа а доккхуш, дас элира — суна хаьа хIара тайпа хIума дан доьналла Арсгирехь бен хир дацара. Юха Боки-Дукъа агIоне дIа а хьаьжна, цо и юрт екош мохь туьйхира:

— Арсгири! Хьо тоьлла хьуна тахана!

Маржа-яI мел деза лоруш хилла нохчийн лаьмнашкахь адаман дахар а, Iожалла а.

Уьшкхалахо кхетара Арсгирина хIуммаъ атта ца хиллий тIеман кIурлара шен мостагIчун дакъа схьаэца. Нохчашна даима а мехалла хетта шайн стеган тIехIотта коша барз хилар, цундела иза шена хууш, мостагIий уьш боллушшехь, вийна Iуьллучун доьзалан ойла йира Арсигирис.

Ткъа юха-м заманан йохалла хийла доьза дайра и нохчийн декъий, хийла Соьлжа-ГIалин урамашкахь мецачу жIаьлеша дIасатекхадира уьш, хийла мостагIаша сийсаза деш, шерашца Iохкура уьш дай баьхначу лаьттахь а кошан барз ца карош.

Уьшкхалахь доьдуш тезет а долуш, Боки-Дукъа геланча кхечира — шуьца долу мостагIалла тховса чекхдаьлла, уьшкхалахошна лаьа шу шайн тезетахь ган аьлла. Оцу кепара боки-дукъархоша гайтина яьхь бахьана долуш, шерашца лаьттина мостагIалла хадош, тIаьххьара шайн вийна стаг витира царна уьшкхалахоша. Шайн мостагIаша гайтиначу доьналлин дуьхьал шайн лаккхара син-оьздангалла а, гIиллакх а гойтуш. Къано сецира, вехха лаьтта бIаьра хьоьжуш. Маржа-яI нохчалла… Башломал леккха хилла-кх хьо, амма хьан ирхенаш яха дац-кх атта…


ЧIир йитар нохчийн Iадатан лехамашца догIуш, кхин цхьаьна а хIумано новкъарло ца еш дIа чекхделира. Догин гергарчу наха шаьш хьалха дIахьедина ма-хиллара, сурсаташца а, ахчанца а деш долу гIо тIе ца лецира, ткъа шайн рогIехь ЗаурбекагIара цаьрга тешо йира и кхачанан сурсаташ а, ахча а шаьш Догина тIера сагIийна мискачу доьзалшна дIасадоькъур ду аьлла.

Чубуза кечбеллачу малхо шен зIаьнарш яржийна, цIийелла йогура стигла. Ма шатайпа йоьссира хIара суьйре тийначу Теркан тогIехь. Яханчу заманехь йиссира шерашца кийрахь къийлина массо а гIайгIанаш а, сингаттам а. Доьзалах болчу кхерамо кхин дагах мIараш туьссур яц. Хилларг бIаьргаш дуьхьал хIиттош, набарха вохуш, дагалецамаша а кхин хьийзор вац. Ма маьрша еара хIара суьйре. Ма шатайпа детталора дог. Заурбек юха а лаьттара корах ара а хьоьжуш. ЦIегIа босс беттачу стиглахь, меллаша шен шекъа Iенош, баьржара маьркIажен бода. Са бIарзделла, даш санна базбелла сингаттам кийрахь а къуьйлуш, хийлозза бIаьрг биттинера Заурбека кху кIотаран шерачу аренашка, ткъа тховса-м гIенахь лаьмнаш гур ду…

ХIинца цуьнан бакъо ю лаьмнийн кIажехь Iуьллучу, шен дай баьхна йолчу цу исбаьхьа юьрта доьзалца цIа верза. Муха ю теша и хIинца? Хьалха санна зевнечу олхазарийн аьзнаша йохий теша и сама? Тишъеллий те кешнийн керташ? Бераллехь идда некъаш къухь яьлла-м дац те? Юьрта йистера гу тIехь хIинца а довлий теша шелонца къийссало и ховха лайснаш? ХIинца а дуй-те варшашкахь лечкъаш мекара иччархочух кхераделла лу? Нускал санна кIайчу зазанца кечбелла, лаьттий тIе хIинца а дадас дIабийна хилла кхор? Ткъа хIаваъ… хIинца а дуй теша иза ишта цIена? Хеталора иза кху юьртан гуо бина лаьттачу лаьмнийн кортош тIера мархаша гулдой хIора а Iуьйранна кху юьртана совгIатна дохьу…

Иза ша дерриге а гур ду те? Аьтто хир бу те шерашца яйна хилла кхерчара цIе юха а лато?! Хастам хиларг ма ницкъ бу хьоьгахь! Заурбекана хIинца хIара дерриге а дуьне кхечу агIор гуш дара. Дуьне хаза дара! Иза хьакъ дара къийсса а, ваха а. Заурбек тешна вара шен берашка а, берийн берашка а хьоьжуш сирла кхане хиларна. Иза тешара тахана дуьйна ша нехан стеган цIий Iанор бахьана долуш хьарчинчу къинах цу стеган доьзална хьалха маьрша вуй…

ХIора а ламазехь ма доьхура цо Деле шена гечдаре, хIунда аьлча кхана догIур долчу Къемата дийнахь а ша жоп дала дезаш вуй хууш.

Цу сарахь сагIа а даьккхира, гергара нах а, лулахой а кхайкхина, Дела а, цуьнан Элча Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош мовлид йийшира. Ах буьйса яьлча дIасабахара хьеший. Амма Заурбекан корехь стогар хIинца а дIабанза бара. Хазахетар лан а оьшуш хилла-кх бала лан санна онда ницкъ. Наб озийна хIусам буьйсанан тийналлица ийра. Амма цу чохь вижанза шиъ вара — Заурбек а, цуьнан жимох волу кIант ИбрахIим а…

II

Дуьненан йеаъ маьIIе Советски Союза шен аьчка мIаранаш дIатуьссуш, дуьненахь машар къуьссу шатайпа зама яра и. И къовсам хийцалучу кхиамца боьдуш бара: новкъарло еш НАТО пачхьалкхаш яра, къаьсттина Iамаьркан Вовшахтоьхна штаташ. Амма эшамша къовсаман шовкъ дIа ца йоккхура, иза мелхо а алсам йолура. Африкан а, Азиян а, Латинин Iамаьркан а мехкашка вежараллин гIо сацанза дIакхачош дара, дукха хьолахь иза СССР-а Iаламат боккхачу барамехь арахоьцу герз дара. Иштта Советан Iедало царна ахчанца а, тIеман хьехамчийн девнашкахь дакъа лацарца а гIо дора. Бартхоша баркаллица и Iго тIеоьцуш, шайн ницкъ ма кхоччу чоьхьарчу мостагIийн кепехь йолчу «неIалт хиллачу» империализмаца къиссам латтабора. И «вежараллин» гIо саццалц, цуьнца уьйр латтийначу агIонаша «дуьненна машар» Советан Iедалан кхайкхамца шайн жигара къиссам дIахьора. Амма и гIо сецначу мIаьргонехь Советски Союзан селханлера «вежарий» цуьнан мостагIий хилий, сихонца шайн меттамот хуьйцуш капитализмехьа бовлура.


СССР-н арахьарчу политикехь кхин а чIогIа дагахьбалламе гIалаташ а хуьлура, масала Венгрехь, Чехославакехь а, кхин йолчу социалистически пачхьалкхашкахь хилла революциш.

Кхузахь галбаьллачу пачхьалкхан дIахIоттамна шен «вежараллин гIо» Советски Союза ша цхьаммо хилла ца Iаш, Варшавски ЧIагIаман декъашхой йолчу пачхьалкхашца цхьаьна дора. ГIаттам я, революци социализман мехкашкахь къизаллица йохайора.


1978-чу шарахь Советски Союза «машар» бан гIортар бахьана долуш хIаллакьхила бисте кхечира Афганистан. Дерриге а дуьненна дIахьединера Афганистанера хьал Советски Союзан къилбера дозанна кхераме ду аьлла а, иштта СССР «декъазчу» афганцашна халкъана ницкъ беш болчу пачхьалкхан дIахIоттамах кIелхьарадовла гIо дан декхарийлахь ю аьлла а.

Партийн гуламашкахь а, кхеташонашкахь а партис а, правительствос а дина дIахьедар хазахетарца тIелецира къинхьегамхоша. Интеллигенци ша интеллигенци хиларе терра йист ца хуьлуш, оьзда Iаш яра, ткъа наггахь цхьалха диссидента туху мохь дерриге а халкъан хазахетаран цIогIанехь хезийла а дацара.

Оцу кепара дийнна халкъо къобал а деш 1979-чу шарахь СССР шен берриге а тIеман ницкъаца Афганистанна тIелетира, Iедало хьийзош долу цуьнан къам кIелхьарадаккха Iалашо юьхьар а лаьцна. Къиза а, ирча а тIеман зама кхайкхаза хьаша хилла йоьссира Афганистане. БIе эзар маьрша адам хIаллакьхилира, иштта эзарнаш, эзарнаш интернационалисташ-тIемалой а эгнера цу муьрехь. Амма Афганистанна дуьхьал ша долийнарг сий долуш чекх ца делира я советски политикина а, я цуьнан герзана а. Феодализман муьрехь хиллачу Афганистанаца биначу тIамехь СССР эшаран бахьанаш иза дукха ойла ян хьакъ долу чолхе хIума ду.

Кхузахь билгалдаккха хьашт ду цу толамехь куьйг бехкениг уггаре а хьалха ша Афганистанан къам а ду, иштта итта шеран йохаллехь цу къиссамехь царна гIо дина йолу пачхьалкхаш а ю. Ткъа кху сохьта тIом болалуш бен бацара…


Дуьненан ялхолгIа дакъа дIалоцучу Советски Союзан хьаьрмахь хаамийн пропаганда дIайолаелира. Шен бахархойн кхетамна тIеIаткъам бан Iалашонца, пропагандин ницкъ болу машен чухийцира СССР-а. Бакъдерг ала деза, цо шен болх цхьа а шеко йоцуш дика кхочуш а бира. Дош ала башха бакъо йоцу кIезигаха дакъа диссалц, советски адамо Iаьржаниг кIайн а лоруш, цхьаьнаэшшара къобалдира шайн пачхьалкха Афганистанна тIелатар. Цул совнаха, цу тIамехь эгначийн наношна-м хетара шайн кIентий бакъо къуьссуш кхелхина.


Тамаша бацара башха дахаро зийна воцу ИбрахIим а Советан Iедало шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь дуьйцучух тешар. Коммунистически ойланашца кхиийна волу жима стаг доггах тешара шен пачхьалкха адамана зенехь хир йоций, иза нийсонан бухтIехь кхоьллина хиларах. Цунна коьртачу а догIур дацара цкъа а, СССР-а оццул мекара тIелатар дина Афганистанан машар бохор буй. Воккхах волу ваша СаьIид ша кхето гIоьртича иза цунах ца тийшира. ИбрахIимана моьттура цо иза ша ларвархьама дуьйцуш ду. Дагчохь цо дуьйцучух ша реза воццушшехь, ИбрахIима моттаргIа йира вешина нийса хетарг дийр ду ша аьлла. Амма кIанта бина сацам цхьаьнга а хийцалур болуш бацара — ИбрахIим хьаьгна вара Даймехкан декхара дIадала. Иза тешара ша дахар ларда воьдуш хиларах, цунна ца хаьара ша цIий Iано цига воьдуш вуй.


Кху гурахь ИбрахIим эскаре ваха везаш вара. Ишкол чекхяьккхинчул тIаьхьа институте деша ваха цунна ца лиира, хIунда аьлча гуманитарни лаккхарчу дешаран хьукматаш чекхяьхнарш эскаре иштта а кхойкхуш бу. Цуьнан хIетале 22—23 шо хир ду. Ткъа ИбрахIимана хетара хIинца шен йолчу хенахь эскарехь тIеIиттало халонаш лан шена дуккха а аттох хир ду. Цул совнаха, эскарехь ма хуьллу сиха шен дика амалш а гайтина, КПСС могIаре хIотта а аьтто хир бу. ИбрахIима биначу сацамна дуьхьал ала хIума долушшехь, дас а, вашас а новкъарло ца йира цо хаьржинчу некъана.


Ишкол ИбрахIима лаккхарчу кхиамашца чекхяьккхира. ТIаьхьарчу пхеа шарахь цуьнан къаьстина чIогIа спортаца гергарло тасаделира. Дзюдо лелар бахьана долуш, иза хIинцале цу спортан кепехь мастер хила хьакъ волуш вара. Амма цхьа спорт хилла ца Iара ИбрахIиман тидам тIеберзийнарг. Къаьсттина боккхачу лаамца оьхура иза литературни кружоке. Цунна ишта чIогIа оьрсийн мотт а, литература а езаяларехь, шеко йоцуш, «бехке» яра Мария Владимировна.

Цхьаьна дийнахь ИбрахIим доьшуш волчу пхоьалгIачу классе чоьхьавелира ишколин директор, ткъа цуьнан букъа тIехьа а лечкъаш оьрсийн йоI а. Директора берашна йовзийтира Мария Владимировна — церан керла классан куьйгалхо а, оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо а. Ищерски станице Мария Владимировна Астраханера еанера, хIетахь дуьйна цуьнан дахар доьзна хилира Теркана гена йоцуш Iуьллучу нохчийн жимачу юьртаца. ИбрахIим а кхузахь доьшуш вара, хIунда аьлча церан кIотарехь юьхьанцара бен школа яцара, цундела иза дас-нанас кху интернате деша хIоттийра. Мокъа деношкахь бен цIа вар а ца хуьлура ИбрахIиман.

Шо шаре мел долу Мария Владимировнина Нохчийчоьнах доггах безабелла шолгIа Даймохк хилира. Толстойн а, Лермонтовн а, Пушкинан а, говзаршца нохчийн амал а, Iер-дахаран кеп а мелла а шена йовзуш йоллушшехь, юьхьанцара йоьIана хала дара нохчийн дахарах кхета.


Невран кIоштан Ищерски станица Теркана аьрру ийстехь Iуьллура, Соьлжа-ГIалина бIе километр генахь. Йист йоцу похIма долчу суртдиллархочо басарш ца кхоош кечйича санна яра юьртан бIаьстенца сенъелла йогIу и шера аренаш. Цкъа мукъне а кхуза кхаьчнарг тийналло, синтемо йийсаре лоцура. Моьттура, даима а ламанца мостагIех тийссаелла и буьрса Нохчийчоь кхузахь тийначу Теркийстехь садоIуш ю. Адам а дара кхузахь меттигера Iалам санна син-паргIатонах дуьзна. Вовшашца кIеда-мерза болуш, цхьаьна дика а вуо доькъуш, бертахь бехара нохчий а, оьрсий а.

Каникулаш йолчу хенахь ишколан администрацис дешартIехь кхиамаш баьхнарш совгIатна Соьлжа-ГIала буьгура. ИбрахIим а хуьлура даима царна юкъахь. Дешархойн чIогIа самукъадолура цу гIуллакхах. ГIалина гена Iаш долу бераш хьаьгна хуьлура Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран и леккха гIишлош а, суьйренца лета чиркхаш а, шуьйра урамаш а, зезагех юьзна некъаийстош а, тIай бухахь сих-сиха болар хуьйцуш, маьлхан зIаьнарш тулгIешца лепош доьду Соьлжа а ган.


Мария Владимировна чоьнах мах луш Тагибат цIе йолу цхьа нохчийн зуда йолчохь Iаш яра цуьнца цхьаьна цу кхерчан йовхонах марзо а оьцуш. Тагибатан хIусамда а, иштта цу школехь доьшуш долу ши бер а дара Iаш. КIант шолгIачу классехь вара, йоI ворхIалгIачу классехь. Къоначу хьехархочун дахар шен хорше дирзинера. Нохчийн амалах а йоьллера йоI. Берийн а, белхан накъостийн а боккха ларам бара цуьнца. Иза ларамза а дацара. Мел кIоргера безамца довзуьйтура цо дешархошна литературин и чулацаме дуьне. Цуьнан корматалла а, шен балхе йолу шовкъ а бахьана долуш, генарчу Нохчийчуьра берашна мел шайна гергара хетара Вальтеран а, Дюман а, Достоевскин а, Толстойн а турпалхойн васташ. Хеталора цуьнан чаккхе йоцуш ду царех лаьцна дийца. Де дийне мел долу марзлора берашна литература. Царна билла бехк а бацара, хIунда аьлча книга йоьшуш а ца кхетара ишта дагах турпалхойн кхоллам, хьехархочо дуьйцуш санна. Вежарийн КарамазовгIеран боьхна барт, Чацкийн шатайпа амал, Безухов Пьеран васта романехь дIалоцу меттиг.

Литературин турпалхойн дахарехь тIеIиттаела киртигаш шайга хьехархочо юьйцуш цецдевлла ладугIучу берийн ойла цигахь яра… генарчу геналлехь. Царех хIораммо а ойла йора цу турпалхочун метта хилча ша-ша хIун дийра дара те. ХIоранна а лаьара иза хьехархочунна довзийта. Цундела классачуьра тийналла наггахь юхура бераша деттачу маьхьаршна:

— Хьажахь, ма кIант хилла и! Ма нийса дина цо и! Ас дийр дара ишта! ХIан-хIан и харц ву!

И гIовгIанаш къоначу хьехархочунна ша бечу балхана уггаре а доккха совгIат хетара.

Кхин долчу берашна санна къаьсттина и Мария Владимировна бахьана долуш езаелира ИбрахIимана а литература. Дуккха а книгаш ешар бахьана долуш кIентан оьрсийн мотт а шарбелира. Ала деза, нохчийн мотт а, литература а Iамор ишколехь тIедожийна хиллехь а, Теркал дехьа, дешаран программи юкъара нохчийн мотт дIабаьккхинера. Ламанца а, лаьмнийн кIажера а ярташкахь, цигахь дукха хьолахь бехаш нохчий хиларна факультативни занятиш дIахьора.

ИбрахIиман ерриге а ойла дIалецира литературас. УьссолгIачу классе волуш цуьнан шен библиотека яра кхо бIе сов книга а йолуш. ИбрахIиман нанас Хедас башхачу дегайовхонца сих-сиха дуьйцура ша пхи шо кхаьчна волу ИбрахIим а эцна гIалитIа базар яхча, мороженое эца шега делла долу ахча а эцна ИбрахIима ведда вахана киоскехь шена берийн киншкнаш эцарах лаьцна.

«Дядя Степа» а, Чуковский Корнейн «Мойдодыр» а… уьш хIинца а ю кхеран киншкийн тарха тIехь, ИбрахIиман нанас безамца дола а деш.

Школехь хьехархоша ИбрахIим даима нийсархошна масалийна валавора. Уьш тешна бара кIанта лаккхарчу дешаран ирхенаш йохур хиларан. Ткъа уьш массо а цецвоккхуш, ИбрахиIма кхочуш до ша ният дина тIелаьцнарг — институтан метта цо эскар хоржу.

ИбрахIима ишкол чекх а яьккхина аттестат схьаэцначул тIаьхьа, цуьнан доьзал шайн дай баьхначу лаьмнийн кIажехь Iуьллучу юьрта дIабахара. КIант берхIиттара велира. Масех бутт биссинера иза эскаре ваха. Дас-м цуьнан ойла кхечу хорше ерзо сатуьйсуш, машен а ийцира. Амма ИбрахIим ша аьллачунна тIера вер волуш ца хиллера. Цо тIетаьIIина кечам бо эскарехь тIеман декхара дIакхехьа. Иза эрна а ца хиллера. Цигахь ма зийра и дахаро, шен ерриге а агIонаш цунна йовзуьйтуш….

СИЙ

Йийначу цхьаьна зудчун метта

ЧIирана нохчаша вуьйш хилла шиъ….

I

ХIора а къоман ду шайн цхьанхьа а язданза ламасташ а, юкъараллас тIеэцна дахаран кепаш а. Нохчаша цунах Iадат олу. Iадат иза — дахаран бакъенийн бух а, ламанхойн сий-оьздангаллин а, гIиллакхан а лард ю.


ИбрахIиман йишас Заргана дийхира вешига шеца луларчу юьрта хьошалгIа вола аьлла. Цигахь Зарганан накъост яра маре яха кечам беш. Зарганин хIусамден Мовсаран ша мокъа ца хилар бахьана долуш, аьтто ца белира иза эцна цига ваха, ткъа ИбрахIим хазахетарца реза хилира йишин дехара кхочуш дан. Цунна доккха совгIат хетара шен хьомечу йишина муьлххачу а агIор дог дика дан аьтто балар.

Уьш некъа йисте бевлира. ИбрахIиман хIинца а бакъонаш яцара шен машен лело. ХIара шиъ юкъараллин транспортан социйлахь лаьтташ дара машен кхетаре сатесна. Ткъа дукха латта ца дийзира. Сийначу басахь «Волга» сецира. Водителан уллохь Iаш схьахетарехь гIуллакхехь волу юккъерчу шерашкахь стаг вара. Шен йиша цкъа хьалха охьа а хаийтина, ИбрахIим чухиира машенна. ХIетахь бен ца гира цунна дуьхал долу корайистехь Iаш кхин цхьаъ стаг хилар. Амма машен хIинцале дIайолаелира, цундела тIаьхьа дара йиша сехьа яьккха. Цул совнаха, шайна гIуллакхна машен совцийначу нахана цатешам гайтина вас ян ца лууш, йитира ИбрахIима шен йиша шина боьршачу стагана юккъахь. Ткъа Зарган-м уьйриг санна чIагъIелла, шен ма-хуьллу кIезиг меттиг дIалаца гIерташ, вешина улло теIара.

ХIора а шен ойланан йийсарехь вара. Дуьткъа тай санна кхарна хьалха дIауьдура беха некъ. Амма машенчуьра тийналла дагахь доцучу кепара юьйхира.

Хьалха Iаш волчу стаго цIеххьана схьа а вирзина, Зарганан вовшахдуйцина долчу шина куьйгах цхьа кIоршаме катуьйхира. ХIун бахьана долуш йоьссира цуьнан коьрте и тайпа ирча ойла? Я йоI тIехэсала хеттера, я цуьнан вешин доьналла кIезиг хеттера, я муьлха а хIума шена бекхам боцуш дуьссуш хиларах воьллера? Даржо вахийнера, я сов маларах кхеттера? Хийрачу стеган карара шен ши куьйг схьа а доккхуш, Заргане мохь белира…


«Нохчочо дуьненчохь цкъа а дуьтур доцу хIума ду шен ненах, хIусамненах, йишех хийра стаго ларам боцуш куьйг Iоттар. Нохчий дуьненахь а гIарабевлла бу муьлхха а кхерамна дуьхьал кураллица корта ойуш хиларца. Нохчийн Iадат — иза къоман чоьхьара мах боцу хазна ю. И Iадат лардаро дозаллица ваха бакъо а ло, и Iадат дохийнарг юьхьIаржонан новкъа а волу. Нохчий цкъа а ца хилла кураллина къен. Жималлехь дуьйна хIора а нохчочунна ша «нохчо» аьлла и сийлахь цIе дIакхехьа жоьпаллехь хетта. Иза ю и динан хьолаллаца нийсса, къоман кийрахь син-оьздангалла кхиош йолу исторически мехалла. И жоьпалла ларъя оьшу и «нохчалла» — нохчийн маттахь бен маьIна дан йиш йоцу башха кхетам. Цкъа зовкхе олу вай мел сийлахь ю и Нохчочун цIе, ткъа юха и цIе йицлой, хIумма а бехке ца хеташ, къинош летадо.

Шалхонаш лелаяр иза Дела цхьаъ ца хетар санна ду. Иза догIуш дац бакъ волчу нохчийн къонахчун а, зудчун а вастаца. Дуккхозза йилбаз мох хилла дуьхьал даьллера хийла хIума нохчийн культурина, ламасташна, Iер-дахарна, динна. Тайп-тайпана ницкъаша тIеIаткъам беш, хийла дIасалестийна и нохчаллин гIортор хилла лаьттина дайн Iадаташ.

ХIора а къоман культурин шен башхалла ю. Кхи долчу къаьмнашна ца кхета а тарло и. Нохчийн къоман син-оьздангаллина, цуьнан Iадатана тIекхевдина долу куьйг таIзар доцуш дита мегар дац. Ткъа дикка хан яьлла волчу стагера даьлларг вуно ирча а, цIармат а хIума дара. ЦIий Iанийча бен цIанлур доцу хIума дара цо динарг.»


…Юьхьанцара цу гIуллакхах ца кхетта, воьхна хилла ИбрахIим цIехххьана дера экха санна цергаш юхкуш тIекхийтира цу стеган боьхачу куьйгана, кхин дIа хила тарлучух йиша ларъеш, иза шен дерриге а дегIаца дIа а хьулъеш. Цхьаьна куьйгаца цо киснахь лоьхура тиссало мIара хадо эшахь а аьлла, шеца даима лелош хилла скальпель. Амма иза карош яцара. Вешин хIуманашна иту кхьокхучу хенахь Заргана дIаяьккхина хила тарлора и, оцу кепара цо ларамза лардира шена халахетарг динчунан дахар.

Машен цIеххьашха сецира, вовшашца чуччавахана ши довхо дIа схьа а къастош. ИбрахIима цу мIаьргонехь машенан неI схьа а йоьллуш ара такхийра цу чуьра и стаг. ХIуммаъ бен ца хеташ цуьнан са даккха кийча вара ИбрахIим. Цунна шена а ца хаьара мичара баьлла шегахь адамехь хила йиш йоцу и хьере ницкъ. Хетарехь ИбрахIиман карара дийна а волуш маьршаволийла дацара цу стеган, амма Заргана новкъарло йира. Иза кхераеллера, даима а эсала, комаьрша хиллачу вешин кийрахь бIешерашкахь дуьйна кхолламо зийначу нохчийн къоман амал самаяларна. Шен ховха, жимачу куьйгашца тиссалора Зарган вешех, иза сацо гIерташ. Машен чохь волчо юханехьа чуийзавора шен накъост водителана тIе мохь а бетташ

— ДIаяхийта сиха машен, сихо е! Цо Ахьмад вуьйр ву хIинца!

ИбрахIим цу минотехь къора а, бIаьрзе а вара. Цунна гуш а хезаш а шен боьха мостагIа бен кхин хIумма а дацара. Маьхьарца тIеетталу йиша дIа а теттина, иза юха а тIекхийтира, нохчалла охьайиллиначунна, цуьнан дахар ши капек мах доцийла хууш. Цхьаьна куьйга и машеначуьра ара а текхавеш, важа куьйгаца цунна юьхьа тIе саццанза буйнаш доьттура ИбрахIима. Шен ма-хуьллу тиссавелира иза, амма юха ницкъ кхачийна, машен буха ваханза волуш, гIора дIадаьлла некъа тIе охьавуьйжира. Ша корта хьалаойбуш, цуьнан бIаьрг кхийтира сихъелла дIайоьдучу машенан пачхьалкхан регистрационни лоьмарашах. 90 44 ЧИС — шеко яцара машен пачхьалкхан гIуллакххойн хиларан.

Дог Iийжара, лозура, доьлхура. Лан ницкъ боцуш халахетара и сийдоцу хIума бекхам боцуш дIаяхийтарна. Муха хьажа веза хIинца ден а, ненан а бIаьра? ХIун ала деза йишин хIусамдега, вежаршка, кхи болчу гергара нахе? Сингаттаме ойланаша борзморзахан багахь болуш санна къуьйлура корта. Де доьхна лаьттачу ИбрахIимана ца хезира шайна уллохь киранан йоккха машен соцуш. Машенан шофер хетарехь цхьа пхи шо валахь кхин воккха вацара ИбрахIимал.

— Сиха чуховша! — мохь туьйхира цо, неI схьа а йоьллуш.

Новкъахь цо дийцира шена кхузахь дукха хан йоцуш хьалха хIоьттина сурт гинера, шуна гIо оьший кхетта, цундела сецнера ша аьлла. ИбрахIима иза шена нисвелла хазахетар къайла ца деш, ма-дарра ша дерриге а дIадийцира.

Цуьнга леррина ла а доьгIна, жима стага доггах элира:

— Геннара гира суна машенчуьра цхьаъ охьаваккха гIерташ тиссалуш волу хьо а, хьуна улло де доьхна уьду жима зуда а. Кху минотехь дуьйна хьуна вошалла дан кийча ву-кх со! Шек ма вала хьо! Вай сиха тIаьхьакхочур ду царна.

ИбрахIимна-м хIара накъост шена Дала цIеххьана доссийна гIо хетара, амма хIете а ца лаьара нехан стаг доккхачу девне юкъаийзо. Цо дийхира цуьнга машенна тIаьхьакхиъначул тIаьхьа шайн гIуллакхна юкъа ца гIертаре. Некъ беха хиллера. Жима стаг къамеле велира ИбрахIимца. ИбрахIиман а, Зарганан а да-нана девзаш хилла цунна. Цаьрга болчу ларамо кхин а чIогIа марсайохура жима стеган ойла. Шен ма-хуьллу тIетаIайора цо машен, цуьнан берриге а ницкъаш схьаIовда гIерташ санна. Сийна машен а дукха ца Iаш гучуелира. Уьш цхьаьна юьрта чукхечира.

Цу хьалха Iуьллура аьчка некъ. Семафоран цIе стогар схьалалетира. ИбрахIимна орцанна санна, геннара схьахезачу гIовгIанца хьаьдда йогIура цIерпошт. «Волга» ца ларийра цул хьалха аьчка некъал дехьаэккха. «Волганца» цхьаьнаэшшара сецира киранан машен а. Зарган маьхаьраца юха а тиссалора шен вешех и сацо гIерташ, амма ИбрахIим «Волгина» тIекхаьчна ваьллера, цунна тIаьхье монтировка а карахь ведда вогIура цIеххьана ИбрахIимна нисвелла накъост а. ИбрахIима машенан хьалхара неI схьа а йиллина, Ахьмадан юьхьтIе ластийна буй туьйхира, ткъа цул тIаьхьа иза машенчуьра ара а такхийра. Ахьмадан схьахетарехь 40—45 шо хир дара. Деза духарах а, леррина йихкиначу галстуках а гуш дара иза Iедалан лаккхара даржехь хилар. Шен некъахочун гIо даккха машенчуьра цхьа стаг охьаиккхира. Шен цIе Рахьим ю аьлла ша вовзуьйтуш, цо дийхира ИбрахIиме зулам ма дахьара ахь аьлла, хIунда аьлча цуьнан тIаьхьало кIантана ирча хир юй хууш.


— Хьо мила ву кхуьнан? Жоп ло? Мила ву? Гергара вуй? Вацахь дIавала сунна новкъара. ХIара стаг ша диначунна жоп дала дезаш ву.

— ХIан-хIан! Гергара вац. Тхойшиъ цхьаьна болх беш ву. КъинтIера валалахь. Жимма маларах кхеттера иза, цундела даьллера цуьнгара иза. Юха дистхила мегаш ма ду вай. Ас адрес дуьйцур ду хьоьга…

— ХIун адрес? Ас юстах вала боху хьоьга, хьайна бала а ца беш, — тIе мохь туьйхира цунна ИбрахIима. Цу мIаьргонехь цIеххьана кIентан бIаьрг кхийтира дагахь доцучу кепара гучуваьллачу мостагIчунна тIехьашха тебаш волу киранан машентIера шен накъост. Цу минотехь некъайисте сецначу машенчуьра охьаиккхира ИбрахIимца цхьаьна классехь дешна волу, цуьнан лулара Iела. Гонахара хьал кIеж туьйссуш догIу ламанан ахка санна кхехкаш дара. ИбрахIимана гуш дара шен доьзална тIедеанчу вуоне ша ларамза юкъаийзош нехан нах хилар, ткъа цо кхин а чIогIа йохайора цуьнан иштаъ панаевлла ойланаш. Коьрте тессира дас дина хьехар: «Даима дагахь латтаде! Хьо дера волчу минотехь еана оьгIазло цкъа а юьссур яц тIаьхьало йоцуш. Цуо маца ваьккхина а дохко воккхур ву хьо. Хьан деган а, кхетаман а баьллачу къиссамехь толам собаре баккхийта хьажалахь».

ИбрахIимна ша жоьпалле хийтира киранан машен лелош волчу жима стагах а, шена ваша хилла улло хIоьттиначу Iелах а. Луьралла дIаелира, цуьнан метта кхолладеллачу хьолан кхетам беара. Терзан тIе диллинарг йишин а, цуьнан хIусамден а, ИбрахIиман берриге а доьзалан а, тайпанан а, тукхуман а сий ду. Цу сийнна тIекхевдинарг бекхам боцуш вита йиш яц. Амма нехан нах бехке бац, уьш чот йоцучу зуламан бисте бига хьашт дац. Дас диначу хьехаре хьаьжжина, кху къиссамехь собаро баьккхира толам. ТIаьххьара шеконан чан шена тIера охьаэгош санна, ИбрахIима юхь-дуьххьал шен мостагIчуьнга а хьаьжна элира:

— Нагахь санна хьоьх жимма а боьршалла йиссинехь, хьо кхета веза айхьа диначун барамах! Мичахь хир ву хьо? Мичахь лаха ас хьо? ХIетахь, вайшиъ цхьанакхеттачу дийнахь кхолламо къастор ду сий дайна дуьненчохь мила вехар ву, я ваххане а вехар вац. Суна ца лаьа тхайна хийра болу нах вайшиннах бен хьакхалуш доцучу гIуллакхна юкъаийзо. Амма хьуна дIахаийла! Хьо милла а валахь а, хьо миччахь а валахь суна — Тасуев Заурбекан кIантанан карор ду хьо сий доцу жIаьла! Сан кхиэлах, сан бекхамах хьо кху дуьненчохь кIелхьара а вер вац.

Дегочу моччахалца, цIийлуш, кIайлуш лаьттара Ахьмад. Ткъа юьх

...