ДИКА МАХ
Пайхамаран заманахь цхьана дийнахь цунна т1е цхьа буобер деара, цо элира:
«Х1ай, Аллах1ан элча, сайн бешана гондахьа керт нисъеш вара со, ткъа кертан дуьхьал сан лулахочуьнан дитт нисделла суна, некъ хадош.
Аса цуьнга дийхира и дитт суна далар, цуьнца сайн керт нисъян, цо ца делира суна иза. Т1аккха аса цуьнга иза сайна схьадохка элира, ца доьхкира цо. Х1ун де ас, х1ай, Аллах1ан элча, къастаде х1ара ��1уллакх».
Пайхамара цу к1ентан лулахо кхайкхира шена т1е. Иза схьавеача цо цуьнга дийцира к1анта шега дийцинарг. Лулахочо иштта ду иза элира.
Т1аккха пайхамара дийхира цуьнга цо и дитт цу к1антана д1адалар я иза цунна дохкар. Лулахо реза ца хилира.
Пайхамара юха а элира: «Д1адохка и дитт цу к1антана, т1аккха Дала хьуна цунна дуьхьал ялсамани чохь дитт лур ду хьуна, говрахь волчу стага б1е шарахь некъ бийр болуш, цунна бухахула ша валале».
Гондахьа лаьтташ болу асхьабаш (Дела реза хуьлда царна) цецбевлира цу доккхачу совг1атех. Ма доккха совг1ат ду иза? Делахь а лулахо реза ца хилира цунна, дуьне дукха дезар бахьана долуш.
Т1аккха Абу Дахьда́хь ц1е йолу пайхамаран асхьаб юкъавелира царна, пайхамаре хаьттира цо: «Ас и дитт эца эцна, цу к1антана дитахь суна хир дуй ялсамани чуьра и дитт?
Пайхамара элира: «Хир ду».
Т1аккха Абу Дахьда́хьа цу лулахочуьнга хаьттира: «Хьуна евзий сан беш?» Лулахочо жоп делира: «Евза дера! Мадийнатехь хьан беш ца евзаш мила ву, шена чохь ялх б1е дитт долуш, кертахь г1у йолуш, гондахьа лекха керт йолуш, Мадийнатера мел волу йохк-эцархо цу бешара стом безаш ма ву, иза дукха ч1ог1а дика болу дера.»
Абу Дахьда́хьа элира цуьнга: «Хьайн дитт схьадохка суна цу сан бешана дуьхьал.»
Лулахо цецваьлла хьаьжира цуьнга, цунах ца тешаш. Цхьана диттана дуьхьал ялх б1е дитт муха лур ду, шена т1ехь тоьлла стоьмаш болуш долу? Лулахо реза хилира.
Цул т1аьхьа Абу Дахьда́хьа пайхамаре элира: «Х1ай, Аллах1ан элча! И дитт цу к1антан дели ас. Х1инца суна хир дуй ялсмани чуьра дитт? «Пайхамара элира дац: «Хир дац». Абу Дахьда́хь цецваьлла висира.
Т1аккха пайхамара элира: «Аллах1а цу стеган диттана дуьхьал цхьа дитт луш дара, ткъа хьо комаьрша стаг волу дера, ахь сов волуш хьайн ерриге беш д1аелира цхьана диттан дуьхьа, ткъа Аллах1 т1ех ч1ог1а комаьрша ву, цундела Аллах1а хьан цхьана бешана дуьхьал бошмаш елла шайна чохь долу дитташ дагардина вер воцуш дуккха долуш, шайна т1ехь дуккха а стоьмаш болуш».
Т1аккха пайхамара элира: «Масане дитт ду-кх Абу Дахьда́хьан ялсамани чохь!
Масане дитт ду-кх Абу Дахьда́хьан ялсамани чохь!»
Т1аккха Абу Дахьда́хь ша йоьхкинчу беша вахара. Шен х1усамнан карийра цунна бешахь г1уллакх деш. Абу Дахьда́хьа беша керта ца волуш мохь туьйхира шен х1усамнене: «Х1ай, Умма Дахьдахь, баккъалла а х1ара беш д1айоьхки ас, араяла цу чуьра».
Х1усамнанас хаьттира: «Стенах йоьхкина ахь и?»
Абу Дахьда́хьа жоп делира: «Ялсамани чуьра диттана дуьхьал».
«Ма дика мах бу иза! Ма дика мах бу иза!» — элира Умма Дахьда́хьа.
Комментарии:
Ялсамани чуьра цхьана диттан дуьхьа шен ерриге беш д1аелла Абу Дахьда́хьа. Цу хенахь дукха рицкъ ду иза, х1ора дитто дуккха хурманаш луш, уьш д1аюхкуш дукха боккха аьтто бу иза. Делахьа а ялсманин дуьхьа Абу Дахьда́хьа х1оттина мах барам боцуш хилла-кх. Цуьнан дуьхьа х1уъу а лур йолуш хилла-кх из. Ткъа цуьнан х1усамнана а хилла-кх иштта кхетам болуш.
Дуьне чекхдер ду, эхарт дуьсур ду. Тахана эзар ди1 б1е шо хан ю Абу Дахьда́хь а, цуьнан х1усамнана а кхелхина, ялсамани чохь шаьшшимма яьккхинчу ялсаманин бешахь ни1мат оьцуш 1аш хир ду и шиъ. Цхьа а тайпа эшам ца хилла цушинна.
Ткъа ялсамани чуьра дитт эца ца лиъна волу лулахо, дуьне хьалха даьккхина ялсмани т1аьхьа теттина волу, иза а вирзина эхарте, ткъа атта дацара цунна ялсамани чуьра бешахь вахар, дуьне бахьанех цунах ца волуш, хьанна хаьа цунах х1ун хилла. Цуьнан беш мичахь ю х1инца?
Х1ун хилла цунах?
Ойла е, х1ай, бусалба ваша, йиша!
Ялсаманина айхьа х1оттийна мах д1ало Далла, Цуьнгара эца иза.