Ялсаманин мах. Ялсамани езарх нийса кхетам
Қосымшада ыңғайлырақҚосымшаны жүктеуге арналған QRRuStore · Samsung Galaxy Store
Huawei AppGallery · Xiaomi GetApps

автордың кітабын онлайн тегін оқу  Ялсаманин мах. Ялсамани езарх нийса кхетам

Хьусайн Шовхалов

Ялсаманин мах

Ялсамани езарх нийса кхетам





Ялсамани Делигара эца езаш хилар.

Ялсаманин мехах нийса кхетар.

Ялсамани мах боккха а, хала а ца хилар.

Ялсамани доггаха езначеран масалш.

Ялсамане кхачар коьрта 1алашо хила езар.


16+

Оглавление

  1. Ялсаманин мах
  2. ЯЛСАМАНИН МАХ
  3. ЯЛСАМАНИ СТЕНЦА ЙОККХУ?
  4. Х1ОРА Х1УМАНАН МАХ БУ
  5. ВАЙЛ ХЬАЛХА БАЬХНАЧАРА ЯЛСАМАНИГА САТИЙСАР
  6. ДИКАЧУ НАХА ЯЛСАМАНИН Х1ОТТИЙНА МАХ
  7. ЯЛСАМАНИ 1АМАЛЦА ЯККХА ЕЗА
  8. ЯЛСМАНИХ Д1АХЬИЙЗАВО Х1УМАНАШ
  9. ДЕРЗОРАН ДОШ

Д1АДОЛОР

БИСМИЛЛАХ1ИРРОХЬМАНИРРОХЬИЙМ


Хастам бу Аллах1ана вайна Ша вовзийтина волчу. Вайх Шен бусалба лайш динчу. Дикачу 1амалшна бекхамна вайна ялсамани кечйинчу. Вайна иза яккха аьтто бинчу.

Делера салават а, маршалла а хуьлда Цуьнан пайхамарна Мухьаммадна а, цуьнан гергарчарна а, асхьа́башна а, церан некъа т1ехь волчу массо бусалбачу стагана а.


Ялсамани!

Ма мерза дош ду-кх иза бусалбачу стагана. Цуьнан ц1е яьккхича вешан са шовкъе долу цуьнга кхача лууш, дог тохало цуьнан дозаллина, синан самукъадолу хазачу совг1атна, б1аьрг белало цуьнан сурт х1иттош, юьхь екхало цуьнан ойла еш!

Дала хаийтина вайна Ша ялсамани кхоьллина хилар. Иза яккха цуьнан дуьхьа бала беза мах а билгалбина вайна Везачу Дала.

Цундела, ялсмани мах вайна схьабостуш, цунах луург х1ун ду билгалла деш яздина аса х1ара жайна.


Нийсачу кхетамал сийлахь х1умма дац. Цуьнга кхочуш цхьа а х1ума дац. Ткъа кху жайница суна лиънера ялсамани яккхарехь бусалбачу стеган хила беза нийса кхетам билгалбан, ялсамани дуьхьа бала безачу механа т1ехь бусалбачу стаге само яйта.

Дала ялсаманин мах д1а а белла, ялсамани доьлхуш самукъадоккхийла вайн. Амин, я Аллах1!

Шовхалов Хьусайн.

ЯЛСАМАНИН МАХ

...