ДЕШХЬАЛХЕ
Хастам бу Далла, 1аламаш кхиош-кхобуш волчу, Ша халкъана деллачу ни1матех хьекъал динчу, адамана даха кхетам беллачу, адаман самукъадалар дика лаьрра Волчу.
Делера салават а, маршалла а хуьлда вайн Пайхамарна Мухьаммадна а, цуьнан асхьа́башна а, церан некъа т1ехь мел волчу стагана а къематде даллалц.
Х1ара жайна () кечдар бахьана — иза бусалбачу нехан хьанал долчу х1уманца самукъадаккхар а, хьекъалан хам хаар а ду. Х1ара дийцарш боккъалла а адамийн дахарехь хилла ду. Х1орш дешарца адамийн мелла а самукъадаккха лиънера суна, х1унда аьлча, адамашкахь сингаттамаш дукха бу. Ткъа юкъ-кара х1ара жайна доьшуш хилча, сингаттамечу б1аьргара долучу хин метта самукъадаьлла, велаваларан хи дала мега цуьнан б1аьргех.
Кху дийцарша кхин а пайда ло вайна — иза хьекъалан хам хаар. Х1унда аьлча, х1ара дийцарш хьекъал к1езиг долчу, г1опал болчу нахера дийлина х1уманаш ду. Ткъа цара 1амаво хьо х1уманан ойла ян. Кхетам, хьекъал Делера доккха ни1мат хилар гойту.
Х1ора адам шех нах боьлу х1ума даланза дац. Иза массаьрца долуш ду. Цхьаволчуьнца к1езиг хуьлу, цхьаволчуьнца дукха хуьлу. Ткъа иза хьехадар, дийцар, царех кхардар дац, мелхо а самукъадаккхар, ойла яр, кхетамехь са валар ду, бусалбачу динна дезаш х1ума ду.
...